"Система наггахь бен гал ца йолу". Кубанехь полицин декъехь гӀело йина стаг бехказа ваьккхина бехккъасторхоша

Гайтаман сурт

Краснодар-махкара вахархо Скиданов Евгений йалх шарахь хьийзира, шена тӀехь гӀело йина, шегара харц дараш даьхна хилла полисхой жоьпе озабайта. Оцу йоллу хеначохь лаьцна латтийра иза, стаг верна бехке ву аьлла. Эххар а цхьанна а таӀзар ца дира – йа ницкъахошна а, йа бехккъасторхоша бехказа ваьккхинчу кхунна а. Мел шатайпа ду и гӀуллакх, ницкъаллин структурийн белхахой, цара тIехь ницкъбинчу стагал а чIогIа бехказабохучу системехь, дийцаредира тхан сайто эксперташца цхьаьна.

Скиданов Евгений лецира 2019-чу шарахь – хIинццалц схьа теше санна бен цуьнга хеттарш деш ца хиллехь а, хIинца ницкъаллин структурийн Iалашо йара, тIепаза йайначу белхалочун Грозина Натальин гIуллакхехь иза бехкениг ван. Пхи шо хан йу гергарчеран иза каро аьтто ца болу - цуьнан тӀаьххьара болх бина меттиг йара 2014-чу шарахь Скидановс аренде эцна ферма, йаздира "Медиазоно".

Грозина оцу фермехь Iаш йара шен белхан накъостаца Русина Натальица – иза а бехке лаьрра зуда лар йоцуш йарна. Официалан версица, Русина а, Грозина а, Скиданов а цхьаьна къаьркъа молуш хиллера, тIаьхьо дов даьллера церан боху – лечу хьоле йаллалц йиттина хилла цара Грозина Натальина.

Цуьнга дерриг а схьадийцийта гIерташ, ницкъахоша гIело латтийнера Скиданов Евгенийна тIехь Выселковскан кIоштарчу полицихь. ДIа а вихкина, шина стоьла йукъарчу лом тIе хьалаоьллинера иза, тIе хи а Iенош, садукъош, ток а йоьттуьйтуш. Цо дийцарехь, масийттаза йиттинера цунна, кхерамаш а тийсинера, кубанхо лаьцна латточу йукъанна. Полисхоша административан протокол хIоттийнера цуьнан хьокъехь, шаьш бохург ца дина аьлла, кхело изоляторе хьажийра. ТIаьхьа Скиданов лецира бехкзуламан гIуллакхехула, хIинццалц стаг верна бехкевинехь а, хIинца цунна тIедиллира стаг лечу хьоле хIоттош, цуьнан могушалла зенаш дар а. Оцу артиклашкахула стаг бехкехилар тIечIагIдахь, набахтеъхь даккха 15 шо кхачадо.

Оцу йукъанна тӀепаза йайначу зудчун дакъа цкъачунна карийна дац - хууш дац йа иза дийна йу, йац а. Кхелан процессехь ницкъахой гӀоьртира фермана гергахь нехаш йолчу ор чохь карийна даьӀахкаш гайта. Скидановн хӀусамнанас Ольгас дийцарехь, уьш хиллера "Ӏахарийн пIендаш а, котамийн даьӀахкаш а".

Эххар а Кореновскан кӀоштан кхелехь бен вовшахтоха аьтто ца баьллачу бехккъасторхоша дIахьедира, кхеле хIоттийначун бехк тIечагIбан тоьшаллаш дац аьлла. Кхелан кхеташо йоьдучу хIусам чохь маьршаваьккхира иза.

"Лазаме сацам"

Скиданов Евгенийн гӀуллакх шатайпа ду масех бахьанашца. Цкъа делахь, Краснодар-махкара "Ӏазапна дуьхьал йолчу тобанан" антилидерех цхьаъ хилла дӀахӀоьттира иза. Мел лахара а пхийттазза дуьхьал хилира талламчаш Скидановс шена тIехь Iазап хьегийтарх чубеллачу латкъамца бехктакхаман гIуллакх доло.

Выселковскан кӀоштан полисхой цхьана хIумана бен бехке хилар тӀечӀагӀдина дац, низамехь а доцуш стаг лаьцна латторна. Кхело къастийна, ницкъхоша шайн лаамехь Скиданов полисхойн декъе валийна хилар, цундела лаьцнарг вада гӀерташ хилла, тIаккха шаьш бохург дан дуьхьал хиларна бехкевина аьлла, цара бехкаш дахкар бух боцуш ду аьлла. Цу кепара, Скидановна тӀехь Ӏазап латточу йукъанна административан лацар низамца догӀуш дацара. Цунна 30 эзар сом гӀуда а тоьхна, полицера къинтIера довлар доьхуш кехат дахьийтар тIедожийра, амма ницкъахой реза ца хиллера кехат кховдо. Шайна тIера бехк дIабоккхуш, полицин декъан куьйгалло дӀахьедира, бехкебен полисхой шайца болх беш боцу дукха хан йара, ткъа хӀетахь хьаькам а кхин стаг вара аьлла.

Шен цIе къайлайахьар а доьхуш, и гIуллакх девзаш волчу юристо дийцира тхан редакцига, кху заманан Оьрсийчохь лацар низамехь дацара алар – "наггахь бен хуьлуш доцург ду" аьлла.

"ТIехь гIело хьегийтарна цхьанна а таIзар дина цахилар, иза даим а хуьлуш дерг ма ду, кхечу гIуллакхашкахь а санна. Милцоша болх цабар дац иза, Талламан комитето хIуммаъ а ца дар ду, цара саботаж йина талламна а", - бохура цо. Юрстан цIе йоккхийла дац тхан, цуьнан кхерамзалла ларъйеш, иза Оьрсийчохь болх беш ву.

Выселки йуьртарчу вахархочун гӀуллакх ша-тайпа ду, хӀунда аьлча, иза бехказа а воккхуш и дирзина хиларна. Лакхахь хьахийначу юристо ма-аллара, "система наггахь бен гал ца йолу – дукха хьолахь гӀуллакхаш кхеле а ца кхочу, бехктакхаман гӀуллакх йукъахдоккху. Нагахь санна гӀуллакх листийта кхеле кхаьчнехь а, тӀаккха кхузахь дукха хьолахь иза бехке хиларан сацам бо, нагахь санна кIорггера тоьшаллаш дацахь а".

Цо аьллачунна тIетайра Оьрсийчохь бехктакхаман гӀуллакхаш луьстуш болх беш волу адвокат а; иштта цуьнан цӀе а йовзийта йиш йац тхан, цунна хIара бале даларна кхоьруш. Юристо бахарехь, бехкхкъасторхоша, Скидановн гӀуллакхехь а санна, дукхачу хьолехь бехкебийраш бехказабоху. Нагахь санна, сацам кхелахоша беш белахь, тIаккха 99,9% меттигехь гӀуллакх бехке хиларан сацамца чекхдолу.

"Бехказаваккхар вуно лазаме сацам бу низамхошна, иза цхьана кепара "ледарло" йалар санна тӀеоьцу, иштта хила дезаш дацахь а. Цундела суьдхой кхоьру бехказабаха – уьш балхах бовла тарло, йа ницкъахошца дов дала кхерам бу, ткъа суьдхочун кхин дӀа а лакхара дарже кхачар дозуш хила тарло ницкъахойх. Соьца нисделла хIуманаш ду, суьдхой декхаре хуьлур-кх гIуллакхаш прокуратуре дIахьийсон, уьш бехказа баха бахьанаш а доллушехь. Амма лаьцначуьнгара даьллачух цара кехаташ хIиттадора, цул тIаьхьа и гIуллакхаш "совцадора" талламан муьрехь. Оха Iалашбечийн хьокъехь гIуллакхаш сецадора гунахь ца хиларна – мел а Соломонан сацам бара и массарна а",- дийцира адвокато.

И тIечIагIдо кхелан департаментан официалан статистико а цхьаьна. 2024-чу шарахь Оьрсийчохь бехкеозийра 512 845 стаг – царах бехказаваьккхира 990, йа 0,19 процент. Оцу йукъанна, шайгарчу даржел сов а буьйлуш, адамашна тIехь гIело латтор аьллачу Iедалан къепехула бехкахабаьхнарш бу 6,5 процент.

Доккхачу декъана бакъоларйаран органийн белхахошна дуьхьал доху гӀуллакхаш, уьш бакъбеш 44-зза алсам доьрзу, кхечаьрца дуьстича.

Нагахь санна, кхело бехкаш дохкуш, гIуллакхаш доьрзуш нислахь а, бехкебечарех ах сов (60%) арахь такха хенаш тухий буьту.

"Командин" рапортехь йаздина ма-хиллара, Къилбаседа Кавказан федералан гонийн регионашкахь полицихь ницкъбарна дуьхьал 28% бехктакхаман гIуллакхаш доху, йисина 72 процент тергамза дуьту. Краснодаран махкахь бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал ца дохуш дуьсу 65% арз динчийн дехарш.

  • Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йира Дербентера бахархошна, полицин белхалошна Барзукаев Исламна, Курбанов Гасанна, Мирзалиев Мирзалина а дина таIзар йухадаккха. Хьалхо царна бехкаш дехкинера ницкъахошна тIелатар дан кечам барна. Сацам хийцаза битира, бакъо йоцуш герз лелор а, лецначарна тIехь къизаллаш лелор аьлла бехкаш тIера даьхнашшехь.
  • Хасав-Йуьртара йахархочунна Курашова Юлдузана йеттар, цуьнан кейсехь фальсификацеш лелор аьллачу гIуллакхехула полицихь белхаш бинчу кхаа полисхо хиллачунна дина хилла таIзар Дагестанехь йухадаьккхира. Кхин цкъа а талла аьлла, гIуллакх прокуратуре йухахьажийна.