Мангал-беттан 20-гӀа де- дуьненан мухIажарийн де ду, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино йукъадаьккхина. Дуьненайукъарчу бакъонашца а догӀуш, мухӀажарш бу тӀеман конфликтийн тӀаьхьалонаш бахьана долуш, йа шайна Iедалхой тIаьхьабовларна, йа шайн дахарна боккха кхерам хилар бахьана долуш шайн хӀусамаш йита дезна нах. Тайп-тайпанчу хенашкахь дӀабаханчу Оьрсийчоьнан бахархойн хаъал дакъа ду Нохчийчуьра бахархойх. Дуьххьара тӀамех, ткъа хӀинца Кадыров Рамзанан Ӏедалан рожах бевдда нах. Ишттачу нахаца къамел дира тхан сайто, уьш дӀабахаран бахьанех а, оцу сацаман тӀаьхьалонех а дуьйцуьйтуш.
Кхерамзаллин бахьанашца турпалхойн бакъйолу цӀераш ца йоху оха.
"Сайн са дадийна, вада дийзира сан"
Нохчийчуьра шен дIавахаран бахьана цхьа "йукъара" бахьана лору СаьIида. 1994-чу шарахь Оьрсийчоьно Нохчийчу тIом беача, гIаттамхойх дIакхийтира иза."Со тешара, массо а низамаша – адаман а, Делан а – бакъо ло хьайна тIелеттехь, дуьхьало йан аьлла. Демократин Оьрсийчоь олучу пачхьалкхо Нохчийчу беанчу шина а тӀамех а, йийсарех а, кхечу "хазахетаршкахула" а чекхваьлла со декхаре хилира мохк дIатаса, сайн са дадийна", - боху хIокху 25 шарчохь цхьахйолчу Европан пачхьалкхехь вехачу СаьӀида.
Шен бакъонашларъярхойн накъостийн гӀоьнца цуьнан аьтто белира махкара аравала: "Хийрачу махкахь хьуо карийча бен, хьо буьззинчу барамехь кхета волало хуьлуш долчух а, хьан дахаро муьлхачу агӀор карчам бина а. Йуьхьанца хьо лерса доцуш а, мотт сецна стаг санна дIалела. Хьайн даймахкахь дика балхахь Iийна, пайде тIаьхье а йолуш Iийначу хьуна хала хуьлу оцу доллучух а хьуо ваьлла хиларх кхета. Хьайгарчу корматаллица богIучу балха хьуо хIуттур ву бохург, аьттехьа а ца хуьлу, хьайга бан беллачу муьлххачу балхах ка а йетташ, веха хьо. ХIаъ, курсаш йаьхна, говзалла карайерзайойла ду, амма белхан куьйгийн къоьлла йолчу декъехь. Хьан диплом къобалдина делахь а, нагахь санна, хьан дешаран тIегIа хиллехь а, хьо а ца оьцуш, хьан метта шайн стаг дIаоьцу цара, цуьнан говзалла хьайчул лахара йелахь а", - бохуш дуьйцу СаьӀида кхидӀа а.
Политикан мухIажар хилар гIоле ду, политикан тутмакх хуьлучул а
И дискриминаци йу бохург дац цуьнан, амма йеккъа цхьа прагматикан а, нийсачу барамехь кадрашца болх бар а ду боху цо. Цхьа а балхатIера хьаькам тешна хуьлийла дац, мухIажар дерриг а охьа а тесна, цхьана дийнахь дIагIур вац бохучух. Цул совнаха, Европехь уьш дикка шек бу СССР-хь а, Оьрсийчохь а карадерзийначу дешарх – коррупцин тӀегӀа вуно лакхара хилар бахьана долуш, боху СаьӀида.
"Эмиграцехь дахар атта дац: цӀа сатуьйсу ахь, безачарна а, доттагӀашна а са хьийза. Мотт а, меттигера низамаш а ледара хаар, меттигерчу йукъараллехь хала дIаэр, бевзаш боцу а, дукха хьолахь дегӀана хала болх бар а, масане ду уьш. Оцу дерригено а халонаш кхуллу, эмигранташна цунах лаьцна дийца башха лаа а ца лаьа. Вукху агӀор, кхузахь алапа дӀало шен хеннахь. Ахчана тIехь хьо Iехо ца гIерта цхьа а. Хьо маьрша а, кхерамзаллехь а хета хьуна, вахархочун дан деза пачхчхьалкхо Iуналла а до, терго латтайо. Харжамашкахь хьайн кхожо кандидатан кхоллам къастор буйла а хаьа хьуна билггал. Оьрсийчохь цкъа а хир доцу хIуманаш ду уьш", - аьлла хета къамелдечунна.
"ХIара 20 шо дуьзи, суо хIинций-хIинций цIа воьду бохуш"
СаьIид а санна, тIемало хилла ву Руслан а Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь. Русланан ваша а цхьана хилла гIаттамхо, федералан эскаршна дуьхьал тIемаш беш, 2025-чу шеран йуьххьехь кхелхина иза.
"Цхьана цӀа чохь го бинера тхуна - аравала аьтто белира сан, амма сан вешин ка ца белира. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь Iойла дацара. Ӏа дара, иштта лаьмнашка а, хьуьнха а хьалаваха аьтто бацара. Мохк бита дийзира сан. Амма суна моьттура, суо цхьана ханна дӀавоьдуш ву, аьхка цIа гIур ву бохуш йара сан ойла. Сан гергарчу нахана тIаьхьабевлла лелара хIетахь, суо дIавахале ур-атталла цаьрца Iолика йан а йиш йацара сан. Къайлах дIавахара со, олийла ду-кх".
Дагестанехьа дIавахара Руслан, шен хIусамненаца а, доттагIашца а.
"Со лоьхуш хиларна, арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккхийта а аьтто бацара сан. ХӀусамненаца цхьаьна низамехь доцуш дозанах дехьадевлира тхо: цкъа хьалха Оьрсийчуьра Украине дахара тхо хьуьнхахула, цул тӀаьхьа Украинера дIа Карпатийн лаьмнашкахула Словаке кхечира. Словакера Австре оццу некъашца, хьуьнхахула", - бохуш дуьйцу Руслана кхидӀа а.
Вешина, нанна, йишина суо йамартваьлча санна, айса сайгара бехкаш дохура ас. ДӀаваха чӀогӀа хала дара
Эмиграци хала лайра ша, цхьана хIумана ша бехке волуш санна, бохура тхан турпалхочо.
"Кхаа дийнахь, сан вешин тезетахь со гучуваларе хьоьжуш Ӏийна хиллера. Сан вашас дина весет дара, иза цуьнан паспорта йукъахь латтош хиллера. Цу тIехь йаздина дара, хьайн куьйгашца ша коша чу охьавиллахьара ахь аьлла. И весет оьрсийн кара кхаьчна хиллера, ткъа уьш, хетарехь, сатуьйсуш бара, вешин весет кхочуш ца деш со Iийр вац, гучувер ву бохуш. Дагахьбаллам бара сан, сайн вешин тIаьххьара лаам кхочуш ца барна, иза тIаьххьарчу новкъа айса ца ваьккхина, нана, йиша сайца дIа ца йуьгуш, уш дIатийсарна. Цхьа дегайохво йара соьца, суо кеста йухавогIур ву аьлла", - бохура Руслана.
Цундела Австрерчу дахарх дIаэр ца нислора цуьнан, Руслан цигахь виса дагахь ца хиларна. Хьалхара ахшо къаьсттина хала дара: "Дийнахь жимма дог-ойла Iехалора сан, нахаца къамел деш, цхьаццанхьа куьйгаш Iуьттуш. Амма буса, суо цхьаъ волчу хенахь, Соьлжа-гӀалахь хилларш дагалоьцура аса. Тхайна го бар, сан ваша кхалхар. Суна хезира герз деттар, суна хаьа, цо ша гранатица эккхийтинера, церан кара ца вахархьама. Хьалхарчу эхашарахь воьлхура со буьйсанна. Со ца кхетара, со муха кхаьчна Европе, оцу ойланах кхета ца лора со".
Эмиграци шерашка йахйелира, амма хӀетте а йухаверза ойланаш коьртера ца йовлура цуьнан, цундела Русланан ойла йацара мотт Ӏамо а, цигахь дIанисвала а. "Оцу 20 шарахь со цӀаверзаре сатуьйсуш вехаш ву – хӀора шарахь, хӀора баттахь, хӀора дийнахь. Эмиграцехь даима а хьуо цхьа хийра стаг санна хета хьуна. Меттан барьер йу, културан барьер йу, ламастийн башхаллаш йу. Къаьсттина европахошца – тӀех сов дерг къаьсташ ду".
Адаптацин а, интеграцин а процесс дагалоцуш, Руслана билгалдаьккхира, шена уггаре а халаниг мотт цахаар дара аьлла. ТӀаьхьо балхо а, нахаца зӀе латторо а гӀо дира цунна нисвала.
"Тамашен ду, австрихойн баккхийчех долу чкъор гергара хетар. Цара консерваторийн, патриархалан хьежамаш ларбо. Цаьрца йукъара мотт каро атта дара, цхьатерра мехаллаш хаалора. Амма кегийчаьрца, ур-атталла сан хенарчу йа жимма баккхийчаьрца а, дуккха а чолхе дара. Кеп-кепара мехаллаш, хьежамаш хиларна", - дерзийра Руслана.
"Нахана йукъахь гергара, сайн нахана йукъахь хийра"
Цхьаболчарна эмиграцино хазахетар дохьу, ша веха меттиг хийцаро а, амма кхечарна иза вуно ирча зер хуьлу, бохуш дуьйцу Олхазара. Иза дIавахара Нидерландашка 2022-чу шарахь Украинехь тIом болабелча. "2022-чу шеран чиллан-бетто дуккхаъчеран дахар хийцира, тIекIал тосуш. Кхечийн йоцчу кепара дог-ойла хилар кхераме дирзира, ткъа хьанал, бакъдерг дIа а олуш хьан вахар - цхьа эгIазалле доьрзу. ТIаккха цхьа некъ го-кх хьуна – дIавахар. Доцца аьлча, кино йар-кх "Свой среди чужих, чужой среди своих", иштта вехаш ву со хIинца".
Мохк дIатосучу заманчохь уггар а хала мIаьрго йу боху Олхазара, шена безачийн Ӏодика йар, хӀунда аьлча, хьуна и адам кхин цкъа а ца ган тарло.
"Европерчу цхьана коьртачу шахьаре кхаьчча, сан дуьххьарлера ойла йара, хIаъ, суна, хьаха, хьо ган лаьара, амма ца лаьара кху хьелашкахь ган-м аьлла. Амма иштта бу кхоллам. Политикан мухӀажар хилар дуккха а гӀоле ду, политикан тутмакх хиларал", - аьлла хета къамелхочунна.
"Массо а хIуманах мах охьабилла беза"
1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгӀа тӀом болабелча, Соьлжа-ГӀалахь йехаш яра Раиса, университетехь деша а доьшуш. 2000-гӀа шераш дуьйлалуш иза маре йахара, амма дукха хан йалале "цхьана эшшарехь дIадоьду дахар" хийцаделира церан.
"2004-чу шеран гурахь, "зачисткаш" дӀахьош, эскархоша дӀавигира сан цIийнда. Дика хьаха дара, цара иза сарахь дӀахецна, йиттина хиллехь а цунна. Ирс дара тхан, иза меттигерчу полицин декъе дӀавигина хиларна, амма кхинберш а санна, иза кхечу структурашка вигина хиллехь, даха дог а дацара, тIепаза вайъина хир вара иза цара. ЦIийндас тIаьхьа дийцина ма-хиллара, цхьаммо цунна тIе пIелг хьажийна хиллера, тIемалошца уьйраш йолчу кегийрхойн тобана йукъахь иза гинера аьлла. Йуха а тIекхайкхина хIума хилахь тIевогIург дIахецна хиллера иза.
Раисас а, цуьнан майрачо а сацам бира, кхоллам ца зуьйш, дӀадаха.
Сан бераша нохчийн мотт беркъа буьйцу, и лазаме ду суна
"Европе аьлла оха арабаьккхина тхан некъ атта бацара. Цкъа хьалха Украинехь нисделира тхо, дехьадовлуьйтург дозанхошна ахча дала дийзира, цул тӀаьхьа Полшехь йуха а ахча даьккхира. Тхо саннарш дуккха а бара, Украинехула а, Беларусехула а лелачу маршруташца дехьабуьйлурш. Цхьа а стаг ца хьулура дозанехь тхуна дуьхьал веана йуург йохьуш а, йа таксица гIо дан аьлла а. Польшера тхо Швеци дIадахара", - дуьйцу Раисас
Швецино царна тховкӀело а йелла, дӀадоладелира мухӀажаран дахар: школа а, керла мотт а. "Йуьхьанца хала дара, мотт хала бара, климат башха ца тайра, йуург чам болуш йацара. ЦӀа а, цIахь бисинчу тхешан герарчарна а сахьийзара тхан. Амма хенан йохалла дахар цхьана кепара тоделира".
Раисин доьзал хӀинца Швецин бахархой бу. ХIусамда гӀишлошъйарехь болх беш ву, Раиса чохь дерг деш, хӀусамнана йу. ЙоӀ а, кӀант а кхиъна цу шиннан, ший а университетехь доьшуш ду.
"Цара халла бен нохчийн мотт ца буьйцу, и суна лазаме ду. Амма ас тIе теIабо уьш, цаьрга шайн орамаш диц ца дайтархьама. Цкъацкъа ойла хьулу сан, шайна луъу мотт бийцахьара аша, шу могуш-маьрша хилчхьана. ХӀора пӀераскан дийнахь ас доӀа до ДегIастахь бисинчарна а, тахана дийна боцучарна а. Эмиграцехь уггар а халаниг хIун ду хьуна аьлча, хьо кхузахь маьрша йехаш Iачу заманчохь, хьан гергара нах цхьацца леш, дIабоьлху церан тезета йаха а ур-атталла аьтто бац хьан".
МухIажарийн дийнахь доза хадийнарш
"ТӀом боьдучу хенахь дIагIур йара аьлла, сан ойла а ца хилла, амма тӀом дӀабирзича дӀайаха дийзира сан. Хала харжам бара иза, амма бахьана тӀех ирча дара", - долийра шен дийцар Францехь йехачу Тимаева Яхас.
18 шо хьалха, 2007-чу шеран мангал-беттан 20-чу дийнахь, шен шина бераца Белоруссин а, Полшин а доза хадийра Яхас. Цо дагалоьцу, шаьш тӀеэцначу полякаша, дог ца догIуш, забарш йеш хилар: "МухIажарийн дийнахь дозанал дехьадолуш ду шу. Марша догӀийла шу керлачу дахаре!"
"Суна дагадогӀу, тхо Дембакан лагере кхачор. Суна дагадогӀу, чувоьдучу меттехь йаздина плакат: " Тахана мухIажарийн де ду" аьлла. Суна дагадогӀу, тхо мел дукха дара цигахь, керлачу лаьтта тӀехь дуьххьара пхьор диъна, йехачу коридоран лаьттахь тхо охьадийшар а. ШолгӀачу Ӏуьйранна, тхо Воломинан лагере дӀадигира", - аьлла, дагатесира турпалхочо.
Шен берашца лагерехь ши бутт баьккхира цо, цул тӀаьхьа уьш халла дозанал дехьа а бевлла, Германе дӀабахара, цигахь пхеа шарна мухӀажирийн статус ца йеллера царна. Оцу йерриге а хенахь телефонехула бен ца хезара цунна шен цIахь бисина гергара нах. ХӀинца а, бераш даккхий а хилла, доьзал дӀанисбеллачу хенахь а, цӀайерза лаам байна бац Яхин. Амма, Яхас ма-баххара, карарчу хенахь Оьрсийчохь а, къаьсттина Нохчийчохь а лела политикан раж бахьана долуш, цIа гIойла дац.
Нохчочун хилла "лаамаш"
Даймахкара дIавахале Ӏусман цкъа а Нохчийчоьнна луларчу республикал гена вахана вацара, ур-атталла хьалхара тӀом боьдуш а. Кхечу пачхьалкхехь хила лаам бара цуьнан, телехьожийлехула шена дайначу цивилан дуьнене бIаьргтоха. Амма и цкъа а хила йиш йоцург ду аьлла хетара цунна хIетахь. Дас-нанас ца витина, цуьнан лаам кхочуш хилира эххар а.
"Хала дара шолгӀачу тӀамо бераллица а, къоналлица а доьзна дерриг а хӀаллакдаре хьоьжуш Ӏан, цхьана а кепара цунна тӀеӀаткъам бан йиш йацара сан. Цхьа хан йаьлча, дуккха а ахча а, дуккха а ницкъ а оьшуш, сан аьтто хилира, айса са тийсинчу меттиге кхача. Йуьхьанца хетало, эмиграцехь долу дахар цхьа мерза гIан ду, амма, хала хеташ делахь а, ишта дац и. Цкъа хьалха меттан халонаш Iуьйшу ахьа, тIаккха культурица йолу башхалла хаало хьуна, тIаккха сагатдан волало хьо",- бохуш, дуьйцу Ӏусмана.
Интеграцина юкъабогӀу мотт, культура Ӏамор, говзалла карайерзор, хьуо веанчу пачхьалкхехь ахь даьккхина хилла диплом тIечIагIдан йуха балха хIоттар а. Керла мотт Iамор проблема йацара Iусманна.
"Нагахь санна вай цхьацца нюансаш дӀайаьхча, тӀаккха суна уггаре а хала хетало говзалла харжар. Доьшийлашкара факультетийн плюрализмехь галвала вуно атта ду, ткъа эххар а хьан харжам дика ахча дохьуш йолчу говзаллина тӀехь соцу. Цундела хьайна мел оьшур йолу говзаллаш хьайгахь кхион йеза ахьа, тIаккха бийр бу бийр бу ахьа нийса харжам.
МухIажаро бахарехь, культурица йолчу башхалло йуьхьанца новкъарло йора цунна, амма тIахьа кхийтира иза, ша хьошалгIахь хиларх.
"Эххар а Ӏема-кх хьо собаре хила. Кхузахь бакъволу нохчо хила атта дац, амма сан эмиграцин бахьанаш дагалецаро а, сан муьлхха а гӀуллакх сан халкъаца доьзна хир ду бохучу ойлано а дог-ойла лора суна даима а сан дайша лелийначу хьехамашна тӀаьхьаваза. ХIаъ, дера хIета ойланаша хьийза ма во, тоъал когаш ца битти-кх аса "Победин" проспектехь, ца ларий-кхо со "Зорбанан ЦIенна" хьалхарчу паркехь волавелла лела а, "Алджидан" морожних Iаба а,"Восток" радиога ладегIа а. Ностальги йу-кх", - бохуш, гӀайгӀане дагалоьцу тхан сайтаца къамелдинчо.
"ЛартIахь волу стаг Iойла дац йа Нохчийчохь а, йа Оьрсийчохь а"
2003-чу шеран аьхка, Нохчийчохь шолгӀа тӀом боьдуш, стресс йолчу хьелашкахь, адамаш хIаллакдеш, хаддаза ницкъехь бахкочу заманчохь, Заурбека сацам бира махках вала. Цуьнан аьтто белира ши шо даьлча Европе дӀаваха.
"Керла дахар дӀадоло сацам баро а, болх бан лаам хиларо а гӀо дира суна интеграци йан. Дуккха а халонаш хиллехь а: 7,5 шарахь гергга мухӀажарийн статус йала реза ца хуьлура, дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьнан гражданалла дӀайаккхаре сатуьйсуш Iийра, цу тӀехь массо а тайпа дуьхьалонаш йора суна Оьрсийчоьнан Венерчу векалто", - бохура къамелхочо.
Муьлххачу а махкахваьллачу стеган са хьийза даймахка, амма хан йухайерзон йиш йац, эшамаш меттахӀиттабойла дац, дӀадаханчунна тӀекхача йиш йац. И дерриг а лан гIо до дагалецамаша, аьлла хета Зоврбекана: "ХӀинца ДегIаста са ца хьийза, хӀунда аьлча, тхо даьхна даймохк бац иза. Деккъа дисинарг цхьаъ ду: хьайн бевза-безачаьрца цхьанакхетта, цаьрца дагара дийца".
"МухIажарш – кхерам бац"
2016-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бохура, эзара нохчийн доьзалш беларусхойн а, полшхойн а дозанехь гулбелла бу, Евробертан мехкашкахь мухIажарийн статус йаккха дехьабовлийтаре хьуьйсуш бохуш, баржийна хаамаш бакъ бац. Цул совнах дIахьедира цо, "Нохчийчуьра бовда цхьа а бахьана дац", республика беркате, кхиаме регион йу, цигахь хала бохкучу доьзалшна гIо деш социалан программаш йу, Европехьчул а дукха дика".
Бакъонашларъярхочо, дозанал арахьарчу Нохчийн Ичкерия республикин адамийн бакъонашларйархочо Дунаева Розас дийцарехь, Нохчийчохь лаьтташ долу хьал тиша ду: "Нах кхидӀа а леш бу - хӀора дийнахь. Нохчийчуьра рожо нах хьийзош лаьтта тахана а. Къайлаха набахтеш, ницкъбар долуш ду, къаьсттина Iедална реза боцчарна. Дозанал арахьа бехачу нохчийн гергарнаш бисина церан Iазапна бухахь. Тхан гергарчу нахехула бекхам бо тхуна, оха бакъдерг къийсарна, тхешан меттиг билгалбаккха хьийзарна, маршонехьа гIертарна. Тхан цӀера гергарчарна тӀаьхьа буьйлу, уьш кхерабо, царна Iаткъам бо".
Цуьнан хаамашца, карарчу хенахь Европехь вехаш ву 300 эзар гергга нохчийн мухӀажир. Амма оцу терахьо бакъдолу терахь гойтуш дац, нохчийн диаспорехь бераш дуьненчу довлар лакхара хиларна. Тешам боллуш ала мегар ду, бохура Дунаевас, Европехь болчу нохчийн билггал долу терахь хаъал алсам ду – бӀе эзар стагана сов хила мега.
"Тхуна, Къилбаседа Кавказан къаьмнийн векалшна, Нохчийн Республикин Ичкерин векалшна, дуьненан кхечу регионашкара мухӀажаршна а карладаккха лаьа, мухӀажарш - кхерам бац, уьш Iалашдан оьшу адамаш ду. Оха кхайкхам бо Австре а, кхечу Европерчу пачхьалкхашка а: Украинера тӀом чекхбаллалц мукъане а лойша царна тховкӀело, нах мобилизацих а, репрессех а, политикан гӀелонех а кӀелхьара бовлийта".
- Оьрсийчуьра а, Украинера а, Европан пачхьалкхашкара а бакъонашларйархойн тобано Интерполе кхайкхам бинера, Оьрсийчохь а, кхечу мехкашкахь а политикан бахьанашца лецарна кхоьруш цIера бевлла бахархой дIа ма ло бохуш. Буьйцурш бара Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон системехула лехамашка луш болу нах. Бинчу кхайкхамна куьйгашйаздира бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацин цIарах Мадаев Юнуса а, "Гражданское содействие" комитетан кутйгалхочо Ганнушкина Светланас а, "Общественный вердикт" Фондан цIарах Таубина Натальяс а, Украинера экспертийн "Сова" тобанан цIарах Савва Михаила а, иштта Оьрсийчуьра а, Украинера а, Беларусера а, ГIиргIазойчуьра а, Казахстанера а, Германира а, Австрира а бакъонашларйарзоша а.
- Amnesty International организацин бакъонашларъярхоша кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Кавказера мухӀажаршна экстрадици ма йе аьлла, хӀунда аьлча, Оьрсийчохь царна тIехь Ӏазап латто а, уьш нуьцкъала Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьийсон а тарлуш хиларна.